Tea for One
Photo by Maria Apal'kova
Кочара и туьтеш сийна
Мичара девлла, йо1, хьуна?
Сийсара седарчий стиглахь
Ца тоьаш хийтира суна
Уьш ду те, 1аьршашкахь цхьаммо
Лехьийна, к1айчу тайх доьзнарш?
Суначул т1ехйийзи хьанна,
Мила ву хьуна сол везнарг?
Ткъа а ас хьан ши ч1аба юьзна
Седарчий ухкур ду хьуна,
Коча бутт уллур бу буьзна,
Безамца цкъа къажахь суна
Мел товш ду и туьтеш сийна!
Ала, уьш хьан делла хьуна?
Дагардеш, седарчий стиглахь
Ца тоьаш хийтира суна
Anonymous asked:
Сделайте подборку летних платьев
Тут я ничем помочь не смогу, мне ничего не нравится)))



